Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан деланашна хьалха корта ма тоха, царна Іамал а ма е, цу нахах дІа а ма тарло. Мелхо а, церан цІуш бохабе, ткъа цара шайн деланашна хІиттийна тІулгаш кегде. Церан сагІа доккху меттигаш а, Іибадат дан хІиттийна тархаш а йохаяй, Ашера-далла лерина болу церан дечиган бІогІамаш хадабай, дІабаха. Церан цІу-деланаш цІергахь багабелаш. Царна тІехь долу деши я дети схьаэцар шайн дегнаш чу ма дожийталаш, шайна царах речІанаш ца хилийтархьама, хІунда аьлча иза шун Везачу Далла дегаза хета.
Выбор основного перевода