Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас халкъе элира: «Шаьш Мисарарчу лоллера арадевлла хІара де дагахь латтаделаш. Везачу Эло Шен ондачу куьйгаца арадаьхна шу кхузара. ХІара де дагахь латточу хенахь совсийна бепиг ма даалаш, Хьан кІанта хьоьга хин йолчу хенахь хаттахь: „И хІунда деш ду?“ – аьлла, ахь цуьнга ала: „Везачу Эло Шен боккхачу ницкъаца Мисарара ара а даьхна, лоллехь долчуьра паргІатдаьхна вай. Дагабахкийтахьа ИбрахІим а, Исхьакх а, Исраил а. Хьайх чІагІо а еш, Ахь цаьрга элира: „Стигалара седарчий санна, дукха тІаьхье лур ю Ас хьуна. Айса шуна чІагІо йина хІара латта шун тІаьхьенашна дІа а лур ду, иза гуттар а церан долахь хир ду“». Хьан дайшна тІе бен ца хьажийна Везачу Эло уьш безаран Шен лаам. Дерриг а халкъашна юкъара Цо шу, церан тІаьхье ерш, хаьржира. Тахана а иштта ма ду иза. Цо даим дагахь латтор бу Шен барт, эзаран барамехь йолчу тІаьхьенашна Ша делла дош, ИбрахІимца Цо бина болу барт, Исхьакхана чІагІо йина долу ваІда. ТІом болабелча, воьхна хьийзар ву Исраилан халкъан паччахь!» «Къона долчу хенахь дуьйна дезара Суна Исраилан халкъ. Мисар-махкара аравалийтархьама схьакхайкхина Аса Сайн кІанте.
Выбор основного перевода