Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Я цаьрца а, я церан деланашца а барт ма бе. ТІаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чІагІо йира: «Нагахь цу халкъана тІехь толам баккха тхуна Ахь гІо дахь, оха церан гІаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла. Исраилхойн дехар а хезна, царна гІо дира Везачу Эло. КанаІанхой а, церан гІаланаш а хІаллак а йина, цу меттигна Хьорма цІе тиллира исраилхоша (иза «хІаллакьяр» бохург ду). Хьо реза а ма хилалахь, цуьнга ла а ма догІалахь. Хьан бІаьргашна цунах къа ма хетийла. Цунах къинхетам а ма бе, иза хьул а ма ве. Ткъа шун а, кху лаьтта тІехь Іаш болчу нахаца барт а хилла, Іан йиш яц. Аша церан сагІа доккхуш йолу меттигаш хІаллакьян еза“. Амма аша Сан дешнашка ла ца дуьйгІира. ХІунда дина аша иза?
Выбор основного перевода