Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма, шена тІедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тІаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас. И дерриг а гайтина дара шуна, Веза Эла Дела вуйла шуна дІахаийтархьама. И воцург, кхин цхьа а Дела вац. ДІа а хаа, шайн даг чохь а латтаде, Веза Эла лакхахь стигалахь а, лахахь лаьтта тІехь а Дела вуйла а, И воцург, кхин цхьа а дела воцийла а. ТІаккха сайн доІанехь аса дийхира: «Ва Веза Эла, стигалийн Дела, сийлахь а, нах ларамах бузуьйтуш а волу Дела. Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш волчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Исраилан халкъ мах баларца ПаргІатдаьккхинчо, цуьнан Веза Дела волчу Везачу Эло, нахана дегаза хеташ волчу а, къаьмнашна ца везаш волчу а куьйгалхойн Ялхочуьнга иштта боху: «Паччахьаш, Хьо ган а гина, хьалагІовттур бу ларамца. Паччахьийн кІентий а, Хьо ган а гина, лохха охьатаьІар бу, хІунда аьлча тешаме волчу Везачу Эло, Исраилан халкъан Везачу Дала, хаьржина Хьо». Тхаьш летийначу къиношна къера а хуьлуш, ас сайн Везачу Деле доІа дира. Ас элира: «Доьху Хьоьга, Хьалдолу Дела! Хьо сийлахь а, кхераме а ма ву! Хьайн весеташ кхочушдеш болчаьрца Айхьа бина барт ларбо Ахь! Хьо везаш болчарна Хьайн хедар боцу безам а ма гойту Ахь! Шен КІантаца, вайн Веза Эла волчу, Ша леррина къобалвинчу Іийсаца, уьйр хила шу тІекхайкхина волу Дела тешаме ву. Шуна тІедеана долу зер массо а адамна тІехІуттуш дерг бен дац. Ткъа Дела тешаме ву, аша ловр доцург лур дац Цо шуна. Амма шу зуьйш долчу хенахь, тІехІотта онда бух лур бу Цо шуна, иза лан шун ницкъ хилийтархьама. Дела тешаме хиларх чІагІо а еш, боху аса, оха шуьга бохург дацара цхьана метта цкъа «хІаъ», тІаккха «хІан-хІа». ТІекхойкхург тешаме ву. Цо кхочушдийр ду хІара. Амма тешаме ву Веза Эла. Цо чІагІ а дийр ду шу, мекара волчух лар а дийр ду. Нагахь санна вай тешаме ца хилахь а, Иза-м хІетте а тешаме хир ву, хІунда аьлча Ша-Шех дІакъаьстийла дац Цуьнан». Ваьш сатуьйсург чІогІа лардан деза вай, хІунда аьлча ваІда Динарг тешаме ву. Тешар хиларна, шен зуда Сарат доьзалхо хуьлуш яцахь а, ша ханна воккха воллушехь, да хиларан хьуьнар тІеийцира ИбрахІима, хІунда аьлча цунна хаьара, Дала Ша аьлларг кхочушдойла. Нагахь ваьш летийначу къиношна вай даре дахь, Дала вайн къиношна геч а дийр ду, дерриг а бакъдоцучух вай цІан а дийр ду, хІунда аьлча Иза тешаме а, бакъ а ву.
Выбор основного перевода