Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цара динчуьнга хьаьжжина, Цо Шена дуьхьалбевллачарна дералла гойтур ю, мостагІашна бекхам бийр бу, хІордан йистерчу халкъашна а царна доггІург дІалур ду. Веза Эла – эмгаралла йолу Дела а, бекхамхо а ву. Бекхам бийриг а, дераллах вуьзнарг а ву Иза. Шена дуьхьалболчарна бекхам а бо Цо, мостагІашна дуьхьал моха а латтайо Цо. Цхьаболчарна ма-моттара, Веза Эла Ша кхочушдийр ду аьлларг юхатоьттуш вац. Амма Иза собаре ву шуьца, хІунда аьлча Цунна ца лаьа цхьа а хІаллакьхилийта, ткъа массо а адам, шегара даьллачу вочу хІуманна дохко а даьлла, Шена тІедерза лаьа Цунна.
Выбор основного перевода