Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шен долахь долчух стага, гуттаренна а, Везачу Элан дІа ца боьрзу бахам санна, лерина мел хилийтинарг – я адам, я даьхни, я кха – духкуш а, юхаоьцуш а хила мегар дац. Везачу Элана дІа ца боьрзу бахам мел хилийтинарг Цунна бен дІакъастийна дац. Дакъазадаккха Далла дІакъастийначух цхьа а хІума шун куьйгех ма хьакхалойла, Везачу Эло, Шен оьгІазалла дІа а яьккхина, шуна Шен дика далийтархьама. Иза иштта делахь, Цо шух къинхетам бийр бу, шу доьбуьйтур а ду, шун дайшна Ша чІагІо ма-ярра. Амма аша цхьа а хІума схьа ма эца, шайна бохам ца хилийта. Везачу Элана леринчух цхьа хІума схьаэцахь, исраилхойн меттаматтана хІаллакьхиллал зен дийр ду аша. Дерриг а дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш а дІакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю».
Выбор основного перевода