Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шайн уллорачун цІа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гІарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хІума а шайна ма деза». Церан сагІа доккху меттигаш йохаелаш, харцделанашна хІиттийна церан тІулгаш аталаш, Ашера-далла лерина долу церан дечиган бІогІамаш дагаде, церан цІу-деланаш дІахедабелаш, оцу харцделанийн цІераш а дІаяхалаш оцу меттера. Амма исраилхоша доккха зулам дира Везачу Элана лериначуьнца доьзна. ЯхІудан тІаьхьенах волчу Іахана шайна схьаийцира Везачу Элана леринчух цхьайолу хІуманаш (Іахан вара Кармин кІант, ткъа Карма вара Завадин кІант, Завади вара Зерахьан кІант). ТІаккха Веза Эла чІогІа оьгІазвахара исраилхошна. схьаяьккхинчу хІонса юккъехь бавелхойн исбаьхьа духар а, ши бІе шекхал дети а, шовзткъе итт шекхалан барамехь дашо экъа а гира суна. И сайна хазъелла хІуманаш схьаийцира ас. Сан четар чохь лаьттах йоьхкина ю уьш, дети а царна бухадиллина ду». Цу деших ГадІана, ийпад а йина, иза шен Іапру цІе йолчу юьртахь охьайиллира. Массо а исраилхо цу ийпадна корта тоха оьхуш вара. И ийпад ГадІанна а, цуьнан дерриг а цІенна а гур хилла дІахІоьттинера. ПІелаштамхоша цигахь шайн деланаш битира, ткъа Дауда, омра а дина, уьш цІергахь багабайтира.
Выбор основного перевода