Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шун Везачу Дала шайн кара дІалуш долу массо а халкъаш аша хІаллакдан деза. Царах къинхетам а ма белаш, церан деланашна гІуллакх а ма делаш, хІунда аьлча уьш шуна дІахІиттийна йолу речІанаш хир ю. Ма сецаве Со. Ас хІаллакдийр ду и халкъ, Ас цуьнан цІе дуьнен тІера а дІайойур ю, ткъа хьох цул доккха а, цул ницкъ болу а халкъ кхуллур ду Ас“. Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чІагІо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу. Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. Везачу Эло ЮшаІе элира: «Ма кхера царах, Ас хьан кара дІабелла уьш: хьуна дуьхьало ялур яц цаьрга цхьаьнгге а». Левихойн тІаьхьенийн тхьамданаш баьхкира динан дена ЭлиІазарна а, Нунин кІантана ЮшаІна а, исраилхойн тайпанийн тхьамданашна а тІе. Везачу Эло шуна хьалхара сийлахь а, андий а къаьмнаш дІалаьхкира. Таханлерчу дийне кхаччалц шуна дуьхьало янъелла цхьа а вац.
Выбор основного перевода