Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Сан Малико, хьалха а даьлла, дІавуьгур ву хьо. Цо эмархошна а, хьетахошна а, перезахошна а, канаІанхошна а, хьаьвихошна а, явсайхошна а тІе вуьгур ву хьо, амма Ас хІаллакбийр бу уьш. Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дІалахкархьама а, шу церан лаьтта тІе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хІинца иза ма-дарра. Шун Веза Дела шуна хьалхаваьлла Ша гІур ву. Цо хІара халкъаш шун юьхь-дуьхьалара хІаллакдина дІадохур ду, тІаккха аша церан латтанаш шайн дола дохур ду. ЮшаІ, Везачу Эло ма-аллара, шуна хьалхаваьлла гІур ву. КанаІанехь, ворхІ халкъ хІаллак а дина, церан латта Ша къастийначу халкъан доладаьккхина Цо.
Выбор основного перевода