Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шуьга элира: „Кхера а ма ло, оза а ма ло царах. ХІунда аьлча шун Веза Дела шуьца новкъа ваьлла мостагІчух тасадала шуна гІо дархьама. Цо шуьга толам боккхуьйтур бу“. Везачу Эло, Нунин кІант ЮшаІ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а латта, хІунда аьлча Ас цаьрга чІагІо йинчу лаьтта тІе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву». Хьан дахарехь хьуна дуьхьало ялуш цхьа а хир вац. Мусаца ма-хиллара, хир ву Со хьоьца а, хьох къаьстар а вац Со, хьо дІа а тосур вац Ас. ЧІогІа а, къонахалла йолуш а хила. ХІокху халкъе Ас церан дайшна лур ду аьлла латта дола доккхуьйтур ду ахь. Ас тІедуьллу хьуна: чІогІа а, къонахалла йолуш а хила, кхера а ма кхера, воха а ма воха. Хьо миччанхьа вахча а, хьоьца хьан Веза Дела ву». ЮшаІа элира цаьрга: «Кхера а ма кхера, доха а ма доха, чІагІлой а, доьналла долуш а хила. Аша тІом бен болчу шун массо а мостагІашца иштта хир ву Веза Эла». Нагахь санна Везачу Эло Исраилан халкъана Мусагахула делла парзаш а, тІедехкинарш а кхочушдан хьо гІертахь, ахьа до гІуллакхаш декъалдина хир ду. ЧІагІ а ло, доьналла долуш а хила, кхера а ма кхера, са а ма гатде. Иштта, шен кІанте Сулиме Дауд-паччахьо кхин а элира: «Нуьцкъала а, доьналла долуш а хилий, дІадоладе и гІуллакх. Хьо кхера а ма ло, цец а ма вала, хІунда аьлча сан Веза Дела хьоьца ву. Иза юхавер вац хьох, Цо вуьтур вац хьо, Везачу Элан цІа дІахІоттош ахь дан деза гІуллакхаш дерриге дина чекхдовллалц.
Выбор основного перевода