Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Нагахь шайн Везачу Деле аш ла а ца догІахь, ас тахана шайна хьоьхуш долу Цо тІедиллинарг кхочуш а ца дахь, хІокху неІалтех хьалхадевр дац шу: Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догІучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду. Амма мехкан куьйгалхо кхелхина воллушехь, халкъ юха а шайн дайша чул а чІогІа къинош лето долалора, харцделанашна корта а бетташ. Исраилан халкъ, чІогІа юхахьадаьлла, шаьш дІахьош болчу харцнекъана тІера дала лууш дацара. Со дІа а тесна, хаза хьожа йогІу хІума кхечу деланашна а ягош, шаьш мел лелочу хІуманца Со дарвеш шу леларна, Сан оьгІазло хир ю кху меттигна тІехь, дІайовр йоцу алу санна›’. Кхечу деланашна аша сагІанаш дахар а, Везачу Элана дуьхьал къинош летор а, Цо беллачу товрат-хьехамца а, парзашца а, сацамашца а шу ца лелар а бахьана долуш тахана гуш болу и бохам шуна тІебаийтина бу». Кхоччуш телхина къинош ма летийна цара, ГебаІ-гІалахь хиллачу деношкахь санна. Далла дагадогІур ду церан къинош. Церан къинош бахьана долуш, царна таІзар дийр ду.
Выбор основного перевода