Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Тергам бе, стигал, со вистхир ву. Лаьтто а ладогІа сан багара долучу дешнашка. Сан хьехам, догІа санна, охьаоьхур бу, сан къамел, тхи санна, охьадогІур ду, сеналлина тІе догІу дерз санна хир ду, бацана тІе кхевсина догІа санна хир ду. Ас Везачу Элан цІе хьалаойур ю. Вайн Далла дІало сийлалла! Иза тарх а ю, Цуьнан гІуллакхаш кхоччуш а ду. Цуьнан дерриге а некъаш нийса ду. Иза тешаме Дела ву, Цо харцо а ца йо. Иза нийса а ву, билггал бакъ а ву. Ткъа уьш телхина лелара Цунна хьалха, Цуьнан берашна ца догІучу тайпана. Цундела цара къа латийна Цунна дуьхьал, иза аьрха а, телхина а гара ма ду. ХІай сонта, ца кхеташ долу халкъ, иза ду аша Везачу Элана дІалуш дерг? Иза вац ткъа шун Да, шу хилийтина а, шу кхоьллина а, шу дІатардина а волу? Дагаяийта шира хенаш, ойла ел ширачу заманах лаьцна. Хаттал шайн дайшка, цара дуьйцур ду шуьга, шайн къаношка а хатта – цара а дуьйцур ду шуьга. Ша къаьмнашна латтанаш а кхочуьйтуш, Веза Воккхачо адамаш доькъучу хенахь, Цо хІора халкъана шен-шен доза дІахІоттийра, стигалийн гуламан терахье хьаьжжина. ХІунда аьлча Везачу Элан дакъа Цуьнан халкъ ду. Якъубах схьадолу къам Цуьнан долахь дерг ду. Цунна и халкъ яьссачу аренгахь карийнера, гІийлачу а, мох хьоькхучу а аренгахь. Цо иза лардора, хьоьжура цуьнга, Шен йоІбІаьрг санна, Іалаш а дора. Шен бене хьоьжу аьрзу санна, кІорнешна тІехула хьийза аьрзу санна, Везачу Эло Шен тІемаш дІасадаржадо, тІемаш тІехь Шен халкъ лелорхьама. Везачу Эло Ша леладора Шен къам. Цуьнца кхечу къоман дела вацара. Цо иза лаьттан локхаллина тІехь леладойтура. Цо иза аренаш тІехь хьалаяьллачух дузадора, тІулгах схьа долу моз а, чІогІачу тархах схьадолу зайтдаьтта а даадора цунна. Цо бежанийн кІалд, жийн шуьреш, дерстина Іахарий а, гезарий а, Башанера тоьлла долу бежанаш а, тоьлла долу кІа а даадора оцу халкъана. Кемсех даьккхина долу чагІар муьйлура цара. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. Ткъа шаьш дуьнен чу даьхна Тарх йицйира цара. Шаьш кхоьллина волу Дела дага ца вогІура царна. Иза ган а гина, Веза Эла царах дІавирзира, Шен кІенташа а, мехкарша а Иза оьгІазвахийтина дела. Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах, царах хинйолу чаккхе гур ю Суна, хІунда аьлча уьш телхина гара ду, уьш тешаме доцу бераш ду. Дела воцучуьнца цара хьагІ хилийтина Сан, баьссачу цІушца оьгІазло хилийтина Соьгахь. Ткъа халкъ доцучуьнца Аса хьагІ хуьлуьйтур ю церан, кхетам боцучу къомаца Аса оьгІазло хуьлуьйтур ю цаьргахь. ХІунда аьлча Сан оьгІазаллех цІе яьлла, лахарчу эхарте кхаччалц дагадо цо. ЦІаро латта доу лаьтто кхиийначуьнца цхьаьна, чахчош ду лаьмнийн кІажаш. Ас царна тІе халонаш йоуьйтур ю, Сайн пхерчий а кхачор ду, царна тІекхиссина. Уьш мацалло гІелбийр бу, хІаллакбийр бу дагаро а, луьрачу уьно а. Ас акхаройн цергаш а, лаьттара текхаргийн дІовш а тухур ду царна. Уьш туьро арахьа хІаллакбийр бу, ткъа цІа чохь – кхерамо: къонах а, йоІстаг а, декхаш долу бер а, къежвелла къано а. Сан ала йиш яра: ‘ДІаса а баржийна, адамашна юкъара уьш дагахь хилар а дІадоккхур ду Ас’. Делахь а Ас иза ца деш дитира, мостагІийн кхардарх къахкарна, церан мостагІий кура а бовлийтина, цаьрга ца алийтархьама: ‘Тхан куьг деха ду, Везачу Эло ца динера хІара-м’“. Исраилан къам хьекъалх даьлла халкъ ду, цаьрга хІуманаш къаста а ца ло. ЭхІ-хІай-кх! Хьекъал долуш белахьара уьш, тІаккха уьш дикка кхетар бара, шайна хиндерг къастор дара цара! Эзарна тІаьхьа цхьа мостагІа муха валалур вара, шина мостагІчуьнга итт эзар исраилхо муха дІавадийталур вара, нагахь санна церан Тархо уьш ца боьхкича, нагахь санна Везачу Эло уьш кара ца белча! Уьш тІетевжа тарх вайн Тархах тера ма яц: вайн мостагІий шаьш бу оцу тІехь кхелахой. Седам-гІалин кемсийн гаьннаш тІера а, Іамор-гІалина уллохь йолчу аренашкара а ю вайн мостагІийн кемсаш. Церан кемсийн буьртигаш дІаьвше ду, церан кенаш къаьхьа ду. Церан чагІар – лаьхьарчийн дІовш а, текхаргийн валаран талу а ду. „Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. – ХІуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дІакъевлина? Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дІалур ду. Хан тІееача, церан ког галбер бу. Церан хІаллакьхиларан де герга ду, церан къемате кхоллам тІекхочу“. Везачу Эло Шен халкъ бехказа а доккхур ду, Шена гІуллакх дечарах Цо къинхетам а бийр бу, церан куьг гІелделла Шена гича а, набахтехь берш а, арахь берш а ца бисча. Везачу Эло халкъе эр ду: „Мичахь бу деланаш, царах тешна шу Іийна йолу тарх, аша сагІина деанчух мохь йиина болу, сагІина деанчух чагІар мийлина болу? Шайна гІо дайта хьалагІовттийта уьш, хилийта царах шайна тхов кІело! Хьажал хІинца, веккъа Со Дела хилар, Со воцург кхин цхьа а Дела ца хилар. Ас долуьйту, Ас дендо, Ас чов йо, Ас тобо, Сан куьйгах цхьаьнгге а кІелхьардахалур дац. Сайн куьг стигалшка хьала а айина, абаденналц долчу Сайн дахарх чІагІо йо Ас: ‘Сайн къегаш долу тур Ас ирдича, Сан куьйго кхел яран герз схьаэцча, Ас бекхам бийр бу Сайн мостагІашна, Со ца везачарна а дийр ду царна доггІург. Ас Сайн пхерчий цІийх дузор ду, байинчеран а, йийсарехь болчеран а цІийх. Сан туьро дилха дІа а кхоллур ду, оцу хаьржинчу мостагІийн хьаькамийн кортош’“. Яккхийе, стигалш, Везачу Элаца цхьаьна! Цунна хьалха охьатаьІийла стигалшкахь мел берш! Даккхийде, къаьмнаш, Цуьнан халкъаца цхьаьна! ЧІагІлойла Делан долу массо а маликаш! Цо бекхам бийр бу Шен ялхошна тІера, Цо бекхам бийр бу Шен мостагІашна, Шен лаьттан а, Шен халкъан а къинош дІадохур ду!»
Выбор основного перевода