Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхІаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь. Амма Везачу Эло Мусага а, АхІароне а элира: «Исраилан халкъана хьалха Сан возаллех тоьшалла дан шу тешар ца тоарна, Ас лун долчу лаьтта тІе аш халкъ дуьгур дац». халкъ дІадуьгун волу а, тІом бечу хенахь нахана тІехь урхалла ден волу а, Везачу Элан халкъ Іу воцу жа санна ца дисийтархьама». Пасга-ломан боххье хьалавала. ДІахьажа малхбалехьа а, къилбаседехьа а, къилбехьа а, малхбузехьа а. Дерриг а гуш долчуьнга дикка хьажа, хІунда аьлча Йордан-хина дехьа валалур вац хьо! Мусан бІе ткъа шо дара и лечу хенахь, амма цуьнан бІаьрса а ца телхинера, гІора дІа а ца даьллера цуьнгара.
Выбор основного перевода