Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ма гІо цига, шаьш мостагІашка хІаллак ма дайта, хІунда аьлча шуна юкъахь Веза Эла вац. Цо элира: „Ас Сайн юьхь къайлайоккхур ю царах, царах хинйолу чаккхе гур ю Суна, хІунда аьлча уьш телхина гара ду, уьш тешаме доцу бераш ду. Веза Эла Исраилан халкъана чІогІа оьгІазвахана вара. Цундела Цо уьш талорхойн кара дІабелира, церан мостагІашка уьш эша а байтира. Цундела Исраилан халкъ мостагІашна дуьхьал ца латтаделира. ГадІана жоп делира: «Сан эла! Веза Эла вайца велахь, вайна оццул зенаш хІунда хилла? Вайн дайша схьадийцина долчу массо а инзаречу гІуллакхашна хІун хилла теша? Цара ца дуьйцура те, Везачу Эло шаьш Мисар-махкара арадаьхна бохуш?! Амма вай хІинца Везачу Эло дІа ма тесна. Цо вай маданхойн кара дІаделла». Ара а ваьлла, Асина тІе а вахана, цо элира: «Аса-паччахь, ахьа а, массо а яхІудхоша а, бен-яманхоша а, ладогІа соьга! Веза Эла а шуьца хуьлу, шу Цуьнца хилча. Аша И лахахь, шуна карор ву Иза. Ткъа аша Иза дІатасахь, Цо шу а дІатосур ду. Хьайн юьхь Ахьа къайлаяьккхича, уьш доьхна хьийза, шайн са Ахьа дІадаьккхича, уьш ле, чан хуьлий, дІа а довлу. Якъубан тІаьхьенах Шен юьхь къайлаяьккхинчу Везачу Эле хьоьжуш хир ву со, Цунах дегайовхо йолуш хир ву со. Массо а халкъашна дІахуур ду Исраилан халкъ шен къа бахьана долуш йийсаре дигна хилар, хІунда аьлча иза Суна тешаме ца хилла. Иштта Аса, цунах Сайн юьхь къайла а яьккхина, иза цуьнан мостагІийн кара дІаделира, цаьрга иза эшадайтархьама а, тІамехь далийтархьама а.
Выбор основного перевода