Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ХІара халкъ мел Іийр ду Суна дуьхьалдаьлла? Аса шайна гайтинчу тамашийначу билгалонех ца тешаш мел Іийр ду иза? Ас церан дайшна чІагІо ярца дала лерина долу латта гур дац. Со дІа мел тесначарна а гур дац иза. «Шайн Везачу Дала шун дайшна, ИбрахІимна, Исхьакхана, Якъубана, шуна дІадала ваІда динчу лаьтта тІе гІур ду шу. Шуна луш долчу лаьтта тІехь аша йина йоцу яккхий а, дика а гІаланаш ю. Шуна луш долчу лаьтта тІехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цІенош а, аша яьхна йоцу гІунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тІехь Іаббал баа кхача шайна хилахь, варелаш, лоллин цІа долчу Мисар-махкара шу арадаьхна волу Веза Эла виц ма велаш! Везачу Эло Мусага элира: «Хьо хІинца, дІа а кхелхина, хьайн дайх дІакхетар ву. ТІаьхьо хІара халкъ, Суна тешнабехк а бина, ша тІедоьдучу оцу лаьттан нехан деланашна тІаьхьахІуттур ду. Цара Со дІатосур ву, цара Ас шайца бина болу барт талхор бу. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Кхин деланаш бахьана долуш Иза карзахваьккхира цара, шайн дегазчу цІушца Иза оьгІазвахийтира цара. Деланаш боцучу жинашна сагІанаш дохура цара, – хьалха шайна бевзаш ца хиллачу деланашна, хІинцца гучубевллачу керлачу деланашна, церан дай ларамах буьзна ца хиллачу деланашна. ЧІагІйина гІаланаш а, токхе латтанаш а цара схьалецира. Хьолах дуьзна долу цІенош а, яьхна гІунаш а цара шайн дола ехира. Иштта кемсийн а, зайт-диттийн а, стоьмийн а бошмаш цара шайн дола ехира. Уьш Іаббалц дууш, берстина дІахІиттира, Ахьа шайна деллачу массо а беркатах марзо а оьцуш. церан догІмаш дазделла, уьш берстина. Цара дечу вон гІуллакхийн доза дац. Кхел ечу хенахь байшна нийсо ца кхочуьйту цара, ткъа къечу нехан бакъонаш цара лар ца йо. Ас кхобучу хенахь, уьш буьзна бара. Ткъа шаьш буьзча, церан дегнаш курадовлура. Цундела цара Со вицвора.
Выбор основного перевода