Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ларлолахь, цу махкахь Іаш болчу нахаца берта ма гІолахь, хІунда аьлча, Соьгара дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттича, царна сагІанаш даьхча, хьо дІакхойкхур ву цара, ткъа церан деланашна лерина сагІанаш даа там бу ахьа. Церан мехкарий хьайн кІенташна ма балабе, Везачу Элера дІа а бирзина, шайн деланашна тІаьхьахІиттар цу мехкаршка хьайн кІенташна ца Іамадайта. Сан хьоме халкъ, стам а делла, аьрхаделира. Кхачанах а дуьзна, иза дерстина хилира. Шаьш кхоьллина волу Дела дІатесира цара, шайн кІелхьарбовларан тархах ца бешира уьш. Нагахь шайн Везачу Дала кхочушбе аьлла, шайна тІебиллина болу Цуьнца бина барт а бохийна, кхечу деланашна аш Іибадат дахь, Везачу Элан оьгІазалла юссур ю шуна тІе. ТІаккха Везачу Эло шуна деллачу исбаьхьчу лаьтта тІера сихха дІадевр ду шу». ТІаккха Везачу Элана зуламе хеташ долу хІуманаш шайгара дуьйлуьйтура исраилхоша, БаІал-деланашна Іамал а еш. Исраилан халкъо Везачу Элана, шайн дай Мисар-махкара арабаьхначу Далла, букъ берзийра. Уьш шайна гонах долчу халкъийн харцделанашна гІуллакх дан буьйлабелира. Цара Веза Эла шайна чІогІа оьгІазвахийтира. Исраилхой юха а Везачу Элана зуламе хеташ долу гІуллакхаш лело буьйлабелира. Цара БаІална а, Іаштартана а, арамхойн а, цІаданхойн а, муабахойн а, Іамминхойн а, пІелаштамхойн а харцделанашна Іамал йора, Веза Эла виц а вина, Цунна Іамал ечуьра севцира уьш. Амма шу, Со а витина, кхечу деланашна Іамалъян дуьйладелира. Аса шу кхин кІелхьардохур дац.
Выбор основного перевода