Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“. Дагадаийта шайна, со шун берашка вистхуьлуш воцийла. Царна хиъна а дац Везачу Дала шу нисдинийла, царна гина а дац Цуьнан возалла, Цуьнан онда куьг, Цуьнан схьакховдийна пхьарс, Цу тайпана тІейогІучу тІаьхьенна иза хуур дара, дуьнен чу бовлучу наха шайн берашна иза дІадуьйцур а дара. ТІаккха адамашна юкъахь Делах тешар дахлур дара, Цуьнан гІуллакхаш диц а лур дацара, дерриг а халкъо Цуьнан весеташ лардийр дара.
Выбор основного перевода