Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло, Нунин кІант ЮшаІ куьйгалхо санна къобал а веш, цуьнга иштта элира: «ЧІагІ а ло, доьналла долуш а латта, хІунда аьлча Ас цаьрга чІагІо йинчу лаьтта тІе ахь буьгур бу уьш. Со хьоьца хир ву». «Іабарим лаьмнашна тІе хьала а валий, муабахойн лаьтта тІехь Ерихон-гІалина дуьхьал болчу Набу-лома тІе а валий, дІахьажа КанаІан-махке, Ас исраилхошна дола дІалуш долчу лаьтте. Хьо хьалаволучу оцу лам тІехь хьо, вала а велла, хьайн халкъах дІакхетар ву, ХІор-лам тІехь вала а велла шен халкъах дІакхетта волу хьан ваша АхІарон санна.
Выбор основного перевода