Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хаалаш, шу Делан лаамехь хиларна кара ца доуьйту шуна шун Везачу Дала и беркате латта, хІунда аьлча шу юхахьара халкъ ду». «Дагахь латтаделаш, цкъа а диц ма делаш, мел дукха оьгІазъоьхуьйтура аша шайн Веза Дела яьссачу аренгахь. Мисар-махкара арадевллачу дийнахь дуьйна шаьш хІокху метте схьакхаччалц Везачу Элана дуьхьалдевлла лелара шу. Шу суна девзинчу дийнахь дуьйна аьрха лелара Везачу Элана хьалха. Уьш шайн дайх тера хир бацара, аьрха а, муьтІахь боцуш а, шайн дегнашца Делах ца тешаш а, шайн синца Цунна тешаме боцуш а.
Выбор основного перевода