Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Везачу Эло Мусага элира: «Шена чохь доьналлин са долуш волчу Нунин кІантана ЮшаІана хьайн куьйгаш тІедахка. ЮшаІ динан да волчу ЭлиІазарца воьзна хир ву, хІунда аьлча ЮшаІана тІера ЭлиІазара Везачу Эле хаттар дийр ду Урим цІе йолчу безачу тІулгаца. Везачу Элан тІедилларца ЮшаІ а, дерриге а Исраилан халкъ а тІаме дІагІур ду я юхадоьрзур ду». ЮшаІе весет а де, иза иракара а хІоттаве, чІагІ а ве, хІунда аьлча ЮшаІа халкъ Йордан-хих дехьа а доккхур ду, хьуна гун долу латта цо цаьрга шайн дола а доккхуьйтур ду“. Ткъа хІинца хаа ду шуна: шун Веза Дела ву шуна хьалхаваьлла, цІеро санна, дерриг а дІакхоллург волу. Цо уьш хІаллак а бина, шуна хьалха охьабохкур бу. Аш уьш сихха дІа а лохкур бу, хІаллак а бийр бу, Везачу Эло шайга ма-аллара.
Выбор основного перевода