Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«ХІара латта вай схьалаьцначу хенахь, Арнон-хина йистерачу ІаруІер-гІалара дуьйна долу латта а, ГалІад-лаьмнийн ах а, цуьнан ерриге а гІаланашца цхьаьна ас Гадин а, Раабанан а тайпанашна дІаелира. Арнон-хина йистехь йолчу ІаруІер-гІалара Сириюн-ломана тІекхаччалц. (Сириюнах Хьермон-лам а олу). Арнон-тогІина йистехь йолчу ІаруІер-гІалина тІера цу тогІина чохь йолчу гІалина тІекхаччалц долу латта а, Мейдебана тІера Дибонна тІекхаччалц йолу шера аре а церан яра. Ткъа иштта эмархойн паччахьан Сихьонан ерриг а гІаланаш а царна дІаеллера. Хьешбон-гІалахь паччахьалла деш Іийнера Сихьон, цуьнан латта Іамминхойн дозанна тІекхаччалц Іуьллуш дара. Хьешбонехь Іийна волу эмархойн паччахь Сихьон. ГалІад-мехкан ах латта цо паччахьалла деш дара. Арнон-хина уллохь йолчу ІаруІер-гІалина тІера Ябокх-хина тІекхаччалц бара цуьнан мохк. Цу хина юккъехула дара цуьнан Іамминхошца долу доза.
Выбор основного перевода