Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхІаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тІебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамІ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира. ХІокху яьссачу арахь оьгур ду шун догІмаш. Дерриш а шу дагардина ду. Ханна ткъа шарал тІехдевлларш, Суна луьйш хилларш, Ас куьг а айина, даха ховшор ду аьллачу лаьтта тІе шу кхочур дац, Епунин кІант Килаб а, Нунин кІант ЮшаІ а воцург. Аш мостагІашна кхочур ду баьхна шун бераш Ас цу лаьтта тІе дуьгур ду. Шу ца даьшна долчу лаьтта тІехь уьш дехар ду. Ткъа шун декъий кху яьссачу арахь оьгур ду. Шун кІентий шовзткъа шарахь яьссачу арахь кхелхина лелар бу. Шу массо а делла дІадовллалц, цара бала ловр бу шун бехкана. Керлачу лаьтте хьовсуш, аш даьккхинчу шовзткъа денна лерина шовзткъа шарахь шаьш латийна къа бахьана долуш бала хьоьгур бу аш, цхьа шо цхьана дийне а нислуш. ТІаккха шуна хуур ду, Со шуна дуьхьал хилар хІун ду. Ас, Везачу Эло, боху иза, Суна дуьхьалдаьллачу кху зуламечу халкъана Ас ден дерг ду иза. ХІокху яьссачу арахь берриг а хІаллакьхир бу уьш“». „Мисар-махкара арадаьллачу, ткъа шо а, цул лакхара а хан йолчу хІокху халкъана гур дац Аса ИбрахІиме а, Исхьакхе а, Якъубе а, чІагІо а еш, лур ду аьлла долу латта, уьш кхоччуш Суна тешаме ца хилла дела. Тохара хьалха Синай яьссачу арахь Мусас а, динан дас АхІарона а дагардинчарах цхьа а адам хІинца дагардинчу халкъана юкъахь дацара. «ТІаккха, шун дешнаш дІахезча, Веза Дела оьгІазвахара. Цо чІагІо йира: „ХІокху адамийн телхинчу гаранна юкъара цхьана а адамна гур дац, шун дайшна Ас лур ду аьлла, ваІда дина долу дика латта, – аьлла. –
Выбор основного перевода