Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Исраилан халкъо Везачу Элана чІагІо йира: «Нагахь цу халкъана тІехь толам баккха тхуна Ахь гІо дахь, оха церан гІаланаш йохийна охьайохкур ю», – аьлла. Исраилхойн дехар а хезна, царна гІо дира Везачу Эло. КанаІанхой а, церан гІаланаш а хІаллак а йина, цу меттигна Хьорма цІе тиллира исраилхоша (иза «хІаллакьяр» бохург ду). Эмархойн ерриге а гІаланаш схьа а яьхна, царна чохь баха хевшира исраилхой. Хьешбон-гІала а, цунах йозуш йолу кегийра гІаланаш а ехира цара схьа. Вай и гІаланаш хІаллакйира, ваьш Хьешбонера паччахьан Сихьонан гІаланаш хІаллак ма-ярра. ХІора гІала, Далла дІа а къастийна, кхоччуш дакъазаяьккхира, божарий а, зударий а, бераш а хІаллак а деш.
Выбор основного перевода