Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДейтталгІачу шарахь Кедирал-Іумар а, цуьнца болу паччахьаш а тІамца царна дуьхьал а бевлла, Іаштерот-Кхарнаимехь репаш цІе йолу къам а, Хьамехь зузамхой а, Шаве-Кхиръятимехь эймимахой а, Меттамотт болчуьра дІа а бахана, НегІаб цІе йолчу яьссачу аренгахула чекх а бевлла, Хьеврон-гІала кхечира уьш. Цигахь бехаш бара Іаьнакхан тІаьхьенах йолу Ахьиманан, Шешайн, Талмайн гаранаш. Ткъа Хьеврон-гІала яра Мисар-махкарчу ЦоІан-гІаланал ворхІ шо хьалха дІахІоттийна. Оцу лаьттан халкъашна юкъахь ницкъ болу а, доккха дегІ долу а Іаьнакхахой бу. Царах лаьцна шуна хууш а ду, хезна а ду иштта олуш: „Мила ву Іаьнакхахошна дуьхьал латталур волуш?“
Выбор основного перевода