Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иза хезна халкъаш кхоьруш хир ду. ПІелаштамхойн халкъ кхерамо Іадийна хир ду. Цу хенахь Эдомера элий боьхна хьийзаш хир бу, Муабера баьччанаш дага тІе кхерам тесна хир бу, КанаІанера бахархой, кхерабелла, ша санна, бешна хир бу. Кхерамо Іадор бу уьш! Хьан сийлахь куьг а гина, тІулгаш санна, дІатуьйр бу уьш, Хьан халкъ, Веза Эла, тІехдаллалц, мехах паргІатдаьккхина халкъ тІехдаллалц. Цхьа а латталур вац шуна дуьхьал: шун Везачу Дала, Ша чІагІо ма-ярра, аша ког мел баьккхина долчу муьлххачу а лаьттана кхерам тосур бу, уьш, кхоьруш, бегор бу. Цо элира цу шинга: «Суна хаьа Везачу Эло хІара мохк шуна дІабеллийла. Тхуна тІе кхерам боьссина, тхан дегнаш, шух кхоьруш, дегош ду. Тхуна хезна, шу Мисар-махкара арадевлла догІуш, Везачу Эло шуна хьалхара Эрзийн хІордан хи дІадаьккхина бохуш. Ткъа иштта Йорданал дехьа Іийначу эмархойн ши паччахь Сихьон а, ІовгІа а аша хІаллаквинийла а хезна тхуна. Цунах лаьцна тхуна хезча, тхан дегнаш шелделира, тхоьгахь цхьаьнггахь а шуна дуьхьало ян доьналла ца дисира, хІунда аьлча шун Веза Дела лакхахь стигалахь а, лахахь лаьттахь а Дела ву.
Выбор основного перевода