Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло элира Мусага: «Хьо Мисар-махка юхавеача, Ас хьайга де аьлла долу тамашийна хІуманаш пирІунна хьалха делахь. Ткъа Ас цуьнан дог чІагІдийр ду, тІаккха цо халкъ дІахоьцур дац. Амма Сихьона пурба ца делира исраилхошна шен махкахула дІабаха. Дерриге а шен эскар а гулдина, исраилхошна дуьхьалвелира иза яьссачу ара. ЯхІац цІе йолчу гІали уллохь исраилхошца тІаме велира Сихьон. Исраилхошца машар бина цхьа а гІала яцара, шена чохь хьаьвихой Іаш болу ГавІон йоцург. Ерриш а тІамца схьаяьхна яра уьш. Везачу Элера дара, уьш, шайн дегнаш а чІагІдина, исраилхошна тІамца дуьхьалбовлар. Исраилхойн и мостагІий хІаллакбархьама а, царах къинхетам цабархьама а динера Цо иза. Везачу Эло Мусана тІе-ма-диллара, хІаллакбан безара уьш.
Выбор основного перевода