Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
патІрусхой, шех пІелаштамхой схьабевлла волу каслахІамхой, каптІархой. Мисар-махкана уллохь долчу Шихьор-хина тІера къилбаседехьа йолчу Іекхран-гІалина тІекхаччалц ду церан латта, ткъа иза канаІанхойн латта лоруш ду. Цунна чуйогІу пІелаштамхойн пхеа урхалчин гІаланаш: Іази а, Ашдод а, Ашкхилун а, Гати а, Іекхран а. Іаваймхойн къомана тІехь а толам баккха безаш бу. Къилбехь долу дерриг а канаІанхойн латта схьадаккха дезаш ду, цІаданхойн долахь йолчу МеІари-гІали тІера Апакх-гІалина, эмархойн дозанна, тІекхаччалц. «Шу а, исраилхой, хушахой санна дац ткъа Суна? Со вац ткъа исраилхой Мисар-махкара, пІелаштамхой Крит-гІайре тІера, арамхой Кхирера арабаьхнарг?» – боху Везачу Эло.
Выбор основного перевода