Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цигара дІабахча, яьссачу арахь долчу, эмархойн лаьтта тІе долучу Арнон-хина уллохь севцира уьш. И хи Муаби а, эмархойн а мехкашна юккъехь доза хилла догІуш дара. Цундела аьлла Везачу Элан тІемех лаьцна долчу тептар тІехь: «Супа цІе йолчу арара ВахІаб-гІала а, Арнон-хин тогІеш а, Цул тІаьхьа Исраилан халкъ яьссачу аренгахула дІадахара, эдомхойн а, муабахойн а латтанашна гобоккхуш тІех а долуш. Уьш муабахойн лаьттан малхбалехьа йолчу меттехь, Арнон-хин йистехь, севцира. Муабахойн лаьттана тІе ца бевлира уьш, хІунда аьлча церан лаьттан доза Арнон-хица дара.
Выбор основного перевода