Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Эдоман халкъо элира исраилхошка: «Тхан махкахула чекх ма довла. Шу чугІортахь, оха тІом бийр бу шуьца». Иштта, Эдоман халкъо шен махкахула дехьа а ца бовлийтина, кхечу новкъахула дІабахара исраилхой. Іамминхойн а, муабахойн а йиш яц Везачу Элан гуламе баха. Ур-атталла церан уьтталгІачу тІаьхьенан а йиш яц цига баха. ХІунда аьлча шу Мисар-махкара схьадогІучу хенахь уьш баьпкаца а, хица а дуьхьал ца баьхкинера шуна. Цара Арам-НахІараймерачу Патур-гІалара БеІаран кІант волу БалиІам лаьцна дуьхьал а валийнера, шуна неІалт кхайкхадайтархьама. Цигара исраилхоша шайн векалш бахийтира Эдомерчу паччахьна тІе хабар эцна: ‘Хьайн лаьттана тІехула дІадаха пурба лахьара ахьа’, – аьлла. Амма Эдоман паччахьо и пурба ца делира царна. Цара иштта муабахойн паччахьна тІе а бахийтира векалш. Цо а шен лаьттана тІехула дІадаха пурба ца делира царна. Цундела Исраилан халкъ Кхадешахь сецнера.
Выбор основного перевода