Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІевахана, иза мисархойн Іазапах кІелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаІанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дІадуьгур ду Ас Сайн халкъ. Ларделаш тахана ас шуна тІедохкуш долу Цуьнан парзаш а, весеташ а, шайна а, шул тІаьхьа хир долчу берашна а диканна хилийтархьама а, шун Везачу Дала шайна гуттаренна а луш долчу лаьтта тІехь шу дуккха а дахкийтархьама а». Шун Делан лаамехь хилар я шун догцІеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХІан-хІан, оцу халкъийн Іесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дІалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахІиме, Исхьакхе, Якъубе – ваІда деш делла дош кхочушдархьама.
Выбор основного перевода