Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьайн Веза Дела доггах, доллучу синца а, берриге а ницкъаца а веза. ЧІогІа ларделаш шайн Везачу Делан весеташ, цуьнан сацамаш а, парзаш а, шайна тІедехкина долу. «Исраилан халкъ, хІун лаьа те хьан Везачу Далла хьоьгара? Цунна лаьа хьайн Везачу Деле бен ларамах хьо вуьзна ца хилар, Цуьнан некъашца хьо лелар, Иза хьуна везар, хьан Везачу Далла ахь гІуллакх дар даггара а, доллучу хьайн синца а хилар. Нагахь санна Ас шуьга кхочушдайта деш долу и дерриг а весеташ аша лардахь, – шайн Веза Дела шуна везахь, Цуьнан массо а некъашца шу лелахь, Цуьнгахьа дирзина шу хилахь, –
Выбор основного перевода