Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цо иза дина, шун чул дукха а, онда а долу халкъаш шуна хьалхара дІалахкархьама а, шу церан лаьтта тІе а довлийтина, иза шун дола даккхархьама а, хІинца иза ма-дарра. «ЛадогІа, исраилхой: шу хІинца Йордан-хина дехьадовла дохкуш ду, стигал хьалаккхаччал лекха чІагІонаш чохь йолу яккхий гІаланаш йолу а, шун халкъал дукха долу а, ницкъ болу а халкъаш долу латта шайн дола даккхархьама. Шун Делан лаамехь хилар я шун догцІеналла бахьана доцуш, и латта шайн дола даккхархьама, доьлхуш ду шу. ХІан-хІан, оцу халкъийн Іесалла бахьана долуш, шун Везачу Дала уьш шуна хьалхара дІалохкур ду, Ша шун дайшка, – ИбрахІиме, Исхьакхе, Якъубе – ваІда деш делла дош кхочушдархьама.
Выбор основного перевода