Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас шен хеннахь догІанаш доуьйтур ду шуна, тІаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу. Шуна луш долчу лаьтта тІехь аша дуьзна доцу, оьшуш мел долчух дуьзна долу цІенош а, аша яьхна йоцу гІунаш а, аша кхиийна йоцу кемсийн а, зайт-диттийн а бошмаш а хир ю. Оцу лаьтта тІехь Іаббал баа кхача шайна хилахь, Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. Бежанашка яийта Ахьа буц хьалайолуьйту, адамаша лелош долу ораматаш а хьаладовлуьйту. Иштта, цара лаьттара кхача кхиабо, Везачу Эло, жоп а луш, Шен халкъе элира: «ХІан, Ас лур ду шуна ялта а, чагІар а, зайтдаьтта а. Царах дузуш Іийр ду шу. Ас кхин дІалур дац шу къаьмнаш шух кхардийта. Даккхийде шу а, Цийонан кІентий, сакъералуш хила шайн Веза Дела шуьца хиларна. Цо оьшшучу барамехь дІаделира шуна догІа. Цо, хьалха санна, даийтира шуна хьалххе хуьлу а, тІаьхьа хуьлу а догІа.
Выбор основного перевода