Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Левин тІаьхьенах волчу КхахІатан кІентан Ицхьаран кІант Кхорахь а, Раабанан тІаьхьенах волчу Элиабан кІентий Датан а, Абирам а, иштта ПелатІан кІант Ана а Муса и дешнаш аьлла ма-велли, царна бухара латта дІасадекъаделира. Лаьтто и нах, церан хІусамаш, Кхорахьан берриге а нах, церан долахь мел долу хІума а дІаийцира. Шайн долахь мел хиллачу хІуманца, дийна боллушехь, лаьттан кийра а бахана, эхарта чу бахара уьш. Лаьтто дІахьулбира уьш. Халкъана юкъара, хІаллак а хилла, дІабевлира уьш. ТІаккха лаьтто, дІаса а декъаделла, Датан дІакхаьллира, Абирамна тІаьхьахІоьттина тоба лаьтто дІайоьллира.
Выбор основного перевода