Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шуна юкъара, шун вежарех, со санна, шун Везачу Дала Пайхамар воуьйтур ву шуна. Цуьнга ладогІа. Дала иза лур ву шуна аша вехарна, хІунда аьлча шаьш Хьариб-лам тІехь гулделлачохь аш дехна: „ХІинца чул тІаьхьа тхан Везачу Делан аз ма хозийла тхуна, кхин хІара сийлахь цІе а ма гойла тхуна, тхо хІаллак ца хилархьама!“ – бохуш. Везачу Эло соьга элира: „Дика ду цара иза доьхуш хилар. Ас церан вежаршна юкъара хьо санна волу Пайхамар лур ву царна. Бийца мотт лур бу Ас Цунна, тІаккха Ас Шена тІедиллинарг нахе дІаэр ду Цо. Сайн Пайхамарехула Ас бохучуьнга ла ца доьгІначуьнгара Ас жоп доьхур ду. Ас шена тІедиллина доцург Сан цІарах дуьйцуш волу пайхамар а, кхечу деланийн цІарах къамел деш волу пайхамар а хІаллакве“. Аш ойла ян тарло: „Тхуна муха хуур ду Везачу Элера ду я дац пайхамаро дуьйцуш дерг?“ Нагахь пайхамаро Везачу Элан цІарах аьлларг кхочуш ца хилахь, и дешнаш Везачу Элера дац. Уьш цу пайхамаро шегара дуьйцуш ду. Цунах ма кхера!»
Выбор основного перевода