Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма ларлуш а хилалаш, шайн синан дола а делаш, шайн бІаьргашна гина гІуллакхаш диц ца далийтархьама а, и дерриг а, шу мел деха, шайн даг чуьра дІа ца далийтархьама а. Шайна гинарш дІадийца шайн берашка а, шайн берийн берашка а. ДІадийца Хьариб-ломахь гуламехь шайн Везачу Далла хьалха шу лаьттинчу оцу дийнах лаьцна а. ХІетахь Везачу Эло соьга иштта элира: „Схьагулде Суна тІе халкъ, Ас Сайн дешнаш дІакхайкхор ду цаьрга. И дешнаш шайна дІахезча, кху лаьтта тІехь мел деха шаьш а, шайн бераш а Соьга ларамах дуьзна хила Іамор ду цара“. Тахана Ас весет деш долу хІара дешнаш хьайн даг чохь латтаделахь. Шайн берашна хьеха уьш, исраилхой, дийца царах лаьцна шайн цІенош чохь хевшина Іаш а, шаьш некъ беш а, шаьш дІадуьйшуш а, хьалагІовттуш а. Шайн куьйгаш тІе дІадехка уьш билгалонна, шайн хьаьжнашна тІе а дІадехка уьш хьехорна. ДІаязде уьш шайн неІсагІанаш тІе, шайн кевнаш тІе».
Выбор основного перевода