Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь аша шайн Везачу Дала аьлларг дахь, иштта декъалдар хир ду шуна: ГІалахь а, арахь а декъала хир ду шу. Декъала хир ду шух схьадаьлла чкъор, шун лаьттах схьабаьлла стом, шун даьхнех – стерчех а, койх а схьадаьлла дохкана. Декъала хир ду шун ялтин тускарш а, декъала хир ду текхаш а. Декъала хир ду шу чудовлуш а, арадовлуш а. Шуна дуьхьалгІевттина мостагІий эшор бу Везачу Эло: цхьана новкъахула шуна дуьхьалбевр бу уьш, ткъа ворхІ новкъахула шух бовдур бу уьш. Шун чІоьнашкахь а, шун куьйгаш дІакхеттачу массо а хІуманна тІехь а декъалдар хуьлуьйтур ду Везачу Эло. Ша лур ду аьллачу лаьтта тІехь шу декъалдийр ду шун Везачу Дала. Шун Везачу Дала тІедиллинарг кхочуш а деш, Цуьнан некъашкахула шу лелахь, Цо шуна чІагІо ма-ярра, шух Шен къастийна халкъ дийр ду. ТІаккха дуьнен чуьра дерриг а халкъаш шух кхоьрур ду, Везачу Элан цІе шуна тІехь хилар а гина. Везачу Эло шуна массо а дикачу хІуманна тІехь беркат хуьлуьйтур ду. Дуккха а бераш а хуьлуьйтур ду шун, шортта дохкана а хуьлуьйтур ду. Шуна лур ду аьллачу, шун дайшна Ша чІагІо йинчу лаьтта тІехь шортта ялта а хуьлуьйтур ду. Везачу Эло Шен беркате хазна – стигал схьайоьллур ю шуна, оьшшучу хенахь шун лаьтта тІе догІа даийта, шун куьйгаша динчу гІуллакхех беркат хилийта. Дуккха а халкъашна духалург дала хІума хир ду шун, ткъа шайн духалург эца дезар дац шун. Нагахь шун Везачу Дала тІедиллинарг, тахана ас шуьга Іалашде а, кхочушде а бохург, аш кхочушдахь, Везачу Эло шу коьртехь хуьлуьйтур ду, цІоганехь ца хуьлуьйтуш, шу лакхахь хир ду, лахахь доцуш. Ас тахана бечу хьехамна тІера ма довлалаш, аьтту я аьрру агІор а хьаьвзина, кхечу деланашна тІаьхьа а хІиттина, царна Іамал ярхьама».
Выбор основного перевода