Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Иштта хилча, тахана ас стигаллий, латтий тоьшалла дан схьакхойкху, Йордан-хина дехьа а девлла, аша шайн дола доккхуш долчу лаьтта тІехь шу сихха хІаллакьхир ду аьлла. Аша цигахь дукха хан а йоккхур яц, ткъа шу цигара хІаллакдина дІадохур ду. хІунда аьлча шуна юкъахь хуьлуш волу Веза Дела эмгаралла йолу Дела ву. Шу кхечу деланашна тІедерзахь, Иза, латийна цІе санна, дарлур а ву, Цо дуьнен тІера дІадохур а ду шу. Ткъа, масала, цара Хьуна хьалха къинош летадарна, Ахьа, стигалш дІа а къевлина, догІа доуьйтур дац. Амма, масала, цара, кху меттехьа а бирзина, доІанаш а деш, Хьоьга кхайкхамаш а беш, Ахь шаьш охьатаІийна дела, шаьш летийначу къиношна дохко а бевлла, уьш юха а Хьуна тІеберза тарло. Нагахь Аса, стигал дІа а къевлина, догІа ца даийтича а, я цІоз тІе а хецна, цуьнга латта даийтича а, я адам хІаллак а деш, цамгар яржийча а,
Выбор основного перевода