Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цхьана а кхечу деланашна тІаьхьа ма хІитталаш, цхьана а шайна гонах хир долчу кхечу къаьмнийн деланашна а тІаьхьа ма хІитталаш, Нагахь санна шу, шайн Веза Дела виц а вина, кхечу деланашна тІаьхьахІиттахь, царна Іибадат а деш, царна Іамал а еш, шу лелахь, ас тахана тоьшалла до, шу хІаллакьхир ду аьлла. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь стаг я зуда, доьзал я тайпа хІинца чул тІаьхьа шайн Везачу Делах дог дІа а дерзийна, вукху халкъийн деланашна гІуллакх дан оьхурш. Ма хуьлийла-кх шуна юкъахь и санна долу хІума кхуьуьйтун болу къаьхьа а, дІаьвше а орам.
Выбор основного перевода