Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Элал веза цхьа а вац, Хьох тераниг дуьнен чохь а вац! Чхаро санна, адам Іалашдеш тхан Дела воцург цхьа а вац. Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?» Хьо ма ву гІийланиг ницкъболчух ларвийриг, къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг. Алалаш иллеш Далла! Алалаш иллеш Цуьнан цІарна! Вазвелаш мархашкахь Лелаш верг! Цуьнан цІе Веза Эла ма ю. Самукъане хуьлийла шу Цунна хьалхā! Хьан нийсо, Дела, стигалшка а кхочу, инзаре гІуллакхаш дина Ахь. Дела, мила ву Хьоьга кхочуш? Дела! Беза бу Хьан некъ. Мила ву иштта сийлахь Дела, тхан Дела санна! Цуьнан багара ира тур схьадолура, халкъашна тІехь толам баккхархьама. Аьчка гІожаца Цо олалла дийр ду царна тІехь. Массо а ницкъийн Делан оьгІазечу дераллин муттдоккхургана чохь Цо кемсаш хьоьшур ю.
Выбор основного перевода