Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ас доггах кхойкху Везачу Эле, Шен безачу лам тІера Цо жоп ло суна. Кхечу къаьмнийн куьйгалхой гулбелла ИбрахІиман Делан халкъаца цхьаьна. ХІунда аьлча латта лардийраш Делан долахь бу, ткъа Дела царал а лакхаваьккхина ву. Дечиг-пондарца Хьо хастош, Хьо тешаме хилар дуьйцур ду ас, сан Дела. Мерз-пондарца Хьох лаьцна назманаш йохур ю, Исраилан Везаниг! Тхо лардечу паччахье хьажахьа, Дела! Декъалвехьа Айхьа къобалвинарг. Хьан кертахь даьккхина долу цхьа де вукху меттехь даьккхина эзар дийнал а тоьлу, Делан цІийнан кевнехь латтар гІоле ду Іесачеран четарш чохь Іачул. Веза Дела вайна малх а, турс а ву. Цо вайна диканиг до, вайн сий а до. ЦІеначу новкъахула лелаш волчунна муьлхха а диканиг дарехь Ша саца ца во Цо.
Выбор основного перевода