Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ДІаала пирІуне, Везачу Эло иштта боху алий: „Исраил Сан кІант ву, Сан дуьххьарлера бер ду. Церан чийлакаш чуьра хи лаьтта тІехъоьхур ду, церан хІух схьабевллачарна алссам хи хир ду. АгІаг-паччахьал а лакхара хир ву церан паччахь. Сийлахь а хилла дІахІуттур ю церан паччахьалла! Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох. Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. Дала леррина Къобалвинарг – гуш воцучу Делан гуш долу васт ду. Цуьнан дуьххьарлера Доьзалхо ву Иза, кхоьллина мел долчу хІуманал тоьлуш а волуш. Иза динан массо а тобанан Корта бу, ткъа и тоба Цуьнан дегІ санна ю. Оцу тобанан дахаран хьоста ду Иза. Беллачарна юкъара дуьххьара денвелларг а Иза ву, массо а хІуманна тІехь хьалхе йоккхуш Иза хилийтархьама. билггала бакъволу теш волчу а, дуьххьара беллачарна юкъара денвелла волчу а, лаьттарчу паччахьийн Олахо волчу а Дала леррина къобалвинчу Іийсагара а. Вай дукха а дезаш, вайн къинойх Шен цІийца вай кІелхьара а даьхна, Цуьнан духар тІехь а, хаьн тІехь а язйина иштта цІе ю: «Паччахьийн а Паччахь, олахойн а Олахо».
Выбор основного перевода