Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло шун дайшна дІабала чІагІо йинчу махкахь шун а, шун берийн а дахаран денош шортта хилийтархьама. Лаьтта тІехула стигал мел хуьлу дехар ду шу цигахь. Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка. „Абаденналц Аса хьан тІаьхьенах стаг паччахь вина дІахІоттор а ву, массо а тІаьхьенашкахь хьан паччахьан гІант Аса лоттуьйтур а ду“». Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь. Іийсах тешаш берш цхьаьна бара, церан массо а хІума юкъахь дара.
Выбор основного перевода