Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ткъа хІинца, ваха а гІой, Сан лай волчу Дауде дІаала: „Массо а ницкъийн Везачу Эло хьоьга боху: ‘Аса хьо, уьстагІий дажош волчуьра схьа а валийна, Сайн Исраилан халкъана тІехь баьчча хІоттийна. Хьо мичча вахча а, Со массо а хенахь хьоьца хилла. Массо а хьан мостагІий Аса хІаллакбина. Аса дуьнен тІехь сийлахь болчарна юкъахь а къаьсттина хьан сий хьаладоккхур ду. Аса Сайн Исраилан халкъана меттиг билгалйоккхур ю, иза цигахь паргІат охьахаийта а, цуьнга кхин са ца гатдайта а. Зуламечу наха уьш кхин хьийзор бац, юьхьанца, мехкан куьйгалхой Сан къомана тІехь Аса къобалбинчу хенахь дуьйна иза ма-хиллара. Аса хьан мостагІех хьо кІелхьарвоккхур ву. Аса хаам бо хьоьга, Веза Эла волчу Айса хьуна хьан тІаьхьенах цІа дийр ду аьлла. Хьан денош чекх а девлла, хьо хьан дай болчу дІакхелхинчул тІаьхьа, Аса хьан тІаьхьенах цхьаъ паччахь вина дІахІоттор ву, цуьнан паччахьалла чІагІ а дийр ду. Цо Суна лерина цІа дийр ду, ткъа Аса иза даим шен паччахьан даржехь чІагІвийр ву. Со цуьнан да хир ву, иза Сан кІант хир ву. Нагахь санна цо къа латадахь, Аса цунна таІзар дийр ду. Нехан шедаца а, адамаша еттарца а таІзар дийр ду Ас цунна. Амма Аса иза Сайн безамах воккхур вац, хьан бІаьргашна хьалхара ваьккхина волу Шаул Аса Сайн безамах ваьккхинехь а. Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» ТІаккха и дерриг ахь кхочушдахь, хьан цІийнах цхьаъ даим а Исраил-махкана тІехь паччахьалла деш хир ву. Иштта дош деллера Ас хьан дена Даудана: „Хьан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо даим паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь“. Цуьнан олалла дІасадаьржаш хир ду, цу чохь машар даим лаьтташ хир бу. Даудан тІаьхьенах волу паччахь санна цо шен пачхьалкхана тІехь куьйгалла дийр ду. И пачхьалкх дІа а хІоттийна, цунна тІехь паччахьалла дийр ду цо нийсонца а, диканца а, хІинца дуьйна абаденналц. Массо а ницкъийн Везачу Элан эмгаралло кхочушдийр ду иза. Везачу Эло иштта боху: «Даим Даудан тІаьхьенах хир волчу цхьаццаммо паччахьалла дийр ду Исраилан халкъана тІехь. Уьш Аса Сайн ялхо волчу Якъубана делла долчу лаьтта тІехь баха ховшур бу. Цу лаьтта тІехь церан дай а баьхна, цигахь уьш а, церан бераш а, берийн бераш а дехар ду массо а хенахь, ткъа Сан ялхо волу Дауд церан эла хир ву массо а хенахь. Иза сийлахь хир ву, Цунах Веза Воккхачун КІант эр ду. Везачу Дала Цунна Цуьнан ден Даудан паччахьалла лур ду, гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Наха Іийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тІехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КІант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КІант?“»
Выбор основного перевода