Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьан цІа а, паччахьалла а Суна хьалха даим хир ду, хьан паччахьан гІант ерриге а хенахь лаьттар ду!’“» Нах Хьуна хьалха ларамах буьзна хуьлийла, малх а, бутт а мел лаьтта, тІаьхьенашкара тІаьхьенашка. Абаденналц цуьнан цІе йиц ма лойла. Дуьненахь малх мел кхета иза цІеяхана хуьлийла. Цуьнан цІарах халкъаша вовшийн декъалдойла. Царна массарна а иза декъалвина хетийла. „Абаденналц Аса хьан тІаьхьенах стаг паччахь вина дІахІоттор а ву, массо а тІаьхьенашкахь хьан паччахьан гІант Аса лоттуьйтур а ду“». гуттар а ерриг Якъубан тІаьхьенна тІехь куьйгалла деш хир ву Иза, Цуьнан паччахьалла цкъа а кхачор дац». Наха Іийсага элира: «Тхуна хезна товрат-хьехам тІехь, Дала леррина Къобалвинарг даим а вехар ву аьлла, дуйла. Ткъа Ахь муха боху: „Адамийн КІант хьалаваьккхина хила везаш ву? Мила ву и Адамийн КІант?“»
Выбор основного перевода