Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг хІорда тІехула лаца, тІеттІа хьаьддачу хино мисархой шайн гІудалкхашца а, дошлошца а дІахьулбийр бу». Мусас шен куьг хІорда тІехула лаьцча, Іуьйре хуьлуш хи шен метте юхадеара. Мисархой хих бевдда боьлхура, амма Везачу Эло, хин буха а бахийтина, хІаллакбира уьш. Шен метте юхадеанчу хино гІудалкхаш а, дошлой а къайлабехира. Исраилхошна тІаьхьадаьллачу пирІунан эскарх цхьа а дийна ца висира. Ва Дела, кІелхьарваккхахьа со, хІунда аьлча сан логге кхаьчна-кх хиш. «Со вевзачу къаьмнашна юкъахь Ас хьахор ду Мисаран къам а, Бавелан къам а. ПІелаштамхойх а, цорахойх а, хушахойх а лаьцна эр ду, уьш Сан гІалахь бина бу аьлла». Мисар-махко до гІо цхьана а агІор пайденна дац. Цундела туьллу Ас цунна цІе: „Кхераме боцу саьрмик“, – аьлла». ГІаттахьа, Веза Эла, гІо дехьа тхуна! Хьайн ницкъаца тхо кІелхьардахахьа. ГІаттахьа, хьалхалерчу заманашкахь санна, дІаяханчу тІаьхьенийн деношкахь санна! РахІаб-саьрмик дІахедийнарг Хьо вацара ткъа? Цу хІордан саьрмиках тур Іоьттинарг Хьо вацара ткъа?
Выбор основного перевода