Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Шамъале элира: «Мел хир ву хьо гІайгІане Аса Исраилан махкахь паччахь ца хилийта Сайна уллора дІатеттина волу Шаул бахьана долуш? Хьайн маІа зайтдаьттанах хьала а юзий, Байтлахам-гІала гІо. Аса цигахь вехаш волу Юшай волчу вохуьйту хьо. Цуьнан кІенташна юкъара Аса Сайна паччахь хаьржина». Юшайс кІант схьавалавайта бахийтира. Иза хьаьрса а волуш, хаза ши бІаьрг а болуш, юьхь тІера чІогІа товш кІант вара. Везачу Эло элира: «Хьала а гІаттий, иза къобалве. Аса вуьйцург ву хьуна иза». Шамъала, зайтдаьтта чохь йолу маІа схьа а эцна, вежаршна хьалха Даудан коьрта тІе даьтта доьттира. Цу дийнахь дуьйна Везачу Элан Са Даудана тІе охьадоьссина дара. Ткъа Шамъал, хьала а гІаьттина, Раме дІавахара. Цул тІаьхьа Шаул дІа а ваьккхина, Дала Дауд хІоттийна паччахь. Цунах лаьцна Дала тоьшалла дина: „Суна Юшаян кІант карийна, и стаг Сан даго тІелоцуш ву. Цо кхочушдийр ду Сан гІуллакхаш“.
Выбор основного перевода