Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Тхан лулахошка емалдайта дІадели Ахь тхо. Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а, сийсаздахарна а дІадели Ахь тхо. ХІунда яьккхина Ахьа цу кемсийн бешана гонахара керт дІа? ХІинца цигахула тІех мел волучо а цуьнан стоьмаш схьадоху. qac Бqac*ерриге а Якъубан мохк Хьалдолчу Эло хІаллакби. Къа ца хеташ, къизаллица Цо и бохийна дІабаьккхи. Ша дарвеллачохь Цо йохийна дІаяьккхи ЯхІуд-мехкан ерриге а чІагІйина йолу меттигаш. Пачхьалкх а, цуьнан элий а Цо лаьтта охьа ма теси, сийсаз а баьхна, уьш берриш а Цо охьа а ма бехки. qac Дqac*ІахІоьтти-кх Хьалдолу Эла мостагІа хилла, Исраилан мохк берриг а Цо хІаллак ма би. Цуьнан паччахьан гІишлош йохийна дІа ма ехи. Цуьнан ерриг а чІагІонаш дакъазаяьхна йити. ЯхІудан йоІ йолчохь долу латкъаммий, белхаррий хІинца чІогІа алсам Цо ма даьккхи.
Выбор основного перевода