Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Веза Воккха Эла кхераме ву. Иза дерриг а дуьненан сийлахь Паччахь ву. Онда ницкъ болуш долчу а, Цуьнан дош кхочушдеш долчу а массо а маликаша декъалвойла Веза Эла, Цуьнан дашна муьтІахь а хуьлуш. Цуьнан лаамаш кхочушбеш болу ялхой болчу стигалийн массо а ницкъаша декъалвойла Веза Эла.
Выбор основного перевода