Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
ХІунда аьлча Хьан цІийне болчу хьагамо вагош ву со, ткъа Хьо сийсазвочеран сийсаза дешнаш суна тІе эгадо. Хьуна хаьа со емалвеш хилар а, сийсазвохуш хилар а, юьхьІаьржачу хІиттош хилар а. Сан берриг а мостагІий Хьуна хьалха бу. Дагадаийтахьа Хьайна мостагІа Хьайх кхардар, Веза Эла, сонтачу цу халкъо Хьан цІе сийсазъяхар. Диц ма дехьа Хьан мостагІаша хьекхна маьхьарий а, Хьуна дуьхьалбевллачара хаддаза еш йолу гІовгІа а. ВорхІазза дІадекхахьа тхан лулахошна царна Хьалдолу Эла волу Хьо ларар дола хетар.
Выбор основного перевода